Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


"Резавоцург милла а дIалакъавало кхузахь"

Шелан кхелехь чекхдевлла нохчийн бакъоларъярхочух долу ладегIарш, сацам кхайкхор бу кестта


Къамелаш доккхачу декъанна адвокаташа дира. Ткъа прокурорна Байтаевана-м тоьира 15 минот а. Шен миноташкахь цо хьахийра Оьрсийчохь наркомани шуьйра яьржина хилар а, нароканех атта "террорхой" балуш хилар а. Кхеле валийначух лаьцна, бух боцуш ду Титиевс дов доцчу бахьанех кхоьллина бахар, цунна дуьхьалаьттинчу тешаша гайтира иза бехке вуйла, элира прокуроро.


Адвокатийн дош


Прокурора Ахматовс девнах лаьцна хIумма а ца элира, деккъа дIа хан йийхира Титиевна – 4 шо набахтехь даккхийтар, 100 эзар соьманна гIуда а токхуьйтуш.


Амма кхел йоьдучу берриг а 8 баттахь санна, къамелна тIера хилира адвокаташ. Дубровина Маринас ма-дарра дийцира Титиев лоцуш а, лацале а леллачух лаьцна. Дагалецира бакъоларъярхочо "Мемориалехь" бина болх. Дагалецира цунна а, цуьнан накъосташна а кхерамаш туьйсуш хилла хиларх.


Титиев муха, муьлхачу хьелашкахь лецира, муьлш бара машенахь вогIу иза сацийнарш, цара стенга вигира, юьхьанца лаьцча, Куьршалой-Эвлан къоштан полицехь  иза хьан левира, шозлагIа а стенна вигира "лаца" – оцу доллучун а сурт хIоттийра Дубровинас. Полисхоша Титиев лоцуш процессуалан гIалаташ дийлийтина шайгара, цундела моттаргIане, амма "нийса" лацар дIадаьхьна юха шозлагIа, чIагIдо цо, кхечу адвокаташа а санна.







Дов бух боцуш а карийна, дIакъовла дезаш дара, хIунда аьлча, гучудолу полисхоша воцчух наркоман винийла а, стагера яьхна боху хIуманаш цунах йоьзна йоцийла а, дина, далийна тоьшаллаш деса дуйла а, элира Дубровинас. Масал далош дийцира, Титиевгара шаьш "наркотик йоккхуш" полисхочо шен куьйга дохка деза каранаш а ца доьхкинера, аьлла.


Дубровинас иштта дагадаийтира адвокаташ лаьцначунна еххачу хенахь герга ца битинийла – Тельхигов Аслане, масала,  юьхьдуьххьал аьшпаш биттира, Куьршалой-Эвлан полицин декъа кхачийна а вац Титиев бохуш.


"Тхан шеко яц Титиев адамийн бакъонаш ларъечу организацин белхахо хиларна лаьцна бохучух", аьлла, дерзийра кхелехь шен къамел Дубровинас.







Цо чIагIдарехь, кхелехь тешаша (дукхахберш – полисхой) шайна пайде доллу къамелаш дина, цара доцург тIекхоьллина Титиевна. Ур-атталла лаьцначун бу аьлла, цуьнан машен чуьра тоьрмиг боккхуш тошалла дан кхайкхина стаг а ву хьалха полицехь болх бина - "Морган" олу цунах шен гоно.  Ткъа Титевна дуьхьал хIоттийна волу коьрта теш, Басханов, ша тайпа адам ду – шозза кхелехула хан тоьхна цунна, амма цкъа а ца Iийна набахтехь.


"Тхуна хетерехь, иза полицин "штатера теш" ву, боху Дубровинас. 44 полисхочун-тешан цIе яьккхира адвокато, цара харц тоьшаллаш дина кхелехь, аьлла.


Телатан тоьрмиг


Заикин Петр кхелан тидам тIеберзо гIиртира, чохь наркотик а йолуш, Титиевгара "баьккхинчу" тоьрмигна – коьрта тоьшалла. Экспертиза еш динчу йозано бахарехь, чуьчча боьллина кхо тIоьрмиг хилла нароктик чуйиллинарг. Иза полицино тенашца бихкина, балозца тIе мухIар а тухуш. Амма охьаяздинчу полицин тоьшаллашна юкъара хенан йохалла цхьа тоьрмиг байна.


"Тоьрмигашна юкъара баьккхинчу цхьана тоьрмигна тIехь скотч хилла. Амма тоьрмигаш зуьйш хIиттийначу кехаташа хьахош а яц иза. Ца хьахийна скотч талламчас Муратовс а. Иштта гарадовлу документаш, цо гойту полисхоша кийтарлонаш лелайойла. Оцу скотча тIехь диса тарлора наркотик Титиевн машен чу кхийсинчу стеган пIелгийн ларш. Бехктакхам доцчух хIоттор – иза зулам ду, цундела дIахьулдина хила а тарло и скотч", чIагIдо Заикина.


Цхьана стага яздечу куьйган маса кеп хуьлу?


Таллам дIахьош дуккхаза а талхийна низам. Кхеташ дац, муьлш бу документашна буха куьйгаш яздинарш.







Масала, Куьршалой-Эвлан кIоштан полицин буьйранчас, лейтенанта Агуевс диллина боху куьг аьттехьа а тера дац балха тIехь лелачу цуьнан факсимилех. "Агуевс шен куьйга тIе ца чIагIдина хIумма а. Оцу бахьанийца дов талламчига юхадала декхаре вара прокурор", боху Заикина.


Цецвоккхуш бесаза ду тергамна хIиттийначу видеокамершкара видеош ехча, Куьршалой-Эвларчу полицина гонахлаьттачу хьукматашкара деана жоьпаш – "Сбербанкера", "Россельхозбанкера", прокуратурера, кхин а массех меттера. Титиев лаьцначу хенахь - 2018-чу шеран Дечкен-беттан 9-чу дийнахь, 9 даьлча 15 сахьт даллалц йолчу юкъанна, шайн видеокамераш болхбеш яцара, аьлла массара а!







Талламо чIагдийриг а, Титиев Оюб бехке хиларх дерг а галморзахдоккху 40 сов тоьшалла далийра Заикина.


"Кхел парггIат болхбан маьрша хуьлийла дац"

Новиков Ильяс дагалецира Iедалхоша Титиев лацале а, лаьцча а деш хилла дIахьедарш. "Кадыров Рамзана масситтаза дина дIахьедар кхуйсучу кхерамийн могIара ца дахка йиш яц. Цундела бехира адвокаташа Титиевн дов кхечу махкахь листийта, амма ца магийра. Ишта дов дIахьош волу кхелахо маьрша хуьлийла дац кхузахь ", элира адвокато.


" Резавоцург милла а дIалакъавало кхузахь – кхин дацахь, кхеле лела ца хIуттучу кхачавало", чIагIдо Новиковс.


Наркотикех йоьзна бехктакхаман артикл Титиевна дуьхьалъяьккина, адвокатна хетарехь, "меттигера "Мемориалан" дакъа дIа а кхъовлуш, Оюб чуволлархьама, уггаре коьртаниг – сийсазвархьама. ХIунда аьлча, бакъоларъярхочун цIе дакъазъер ю, иза наркоман хиларх халкъ тешча".







"4 шарна набахте а хьажош, вайга боху, дIавакха и стаг шаьш ларамбечийн могIарара. Цуьнан доьзалехь кхиазхо а ву, амма ца боху прокуроро кхеле, туху хан яцъяхьара", билгалдаьккхира Новиковс.


Адвокато ишта аьлча, къамеле елира прокурор Байтаева. "Я кхаьчначу шераша а, я даржо а декхаре ца йо кхел таIзар кIаддан. Мелхо а, хеневаьлла стаг кхеташ хила веза ша дийриг мел кхераме ду".


Иштта элира прокуроро, Европарламенто Оьрсийчоь Титиев мукъаваккха декхаре ю аьлла дина дIахьедар хьахош. Байтаевана гарехь, Титиевн дов политикан тIегIане даккха гIерта Европа.  


***


Дисинарг кхел дIахьочу зудчун-кхелахочун Зейнетдинован карахь ду. Цо адвокатийн къамелаш, ша Титиевс дийцинарш тергалдийр ду ала бац цхьа а бахьана.


Кхело тухур ю Титиевна прокуроро набахтехь такхийта ехна йоллу хан – 4 шо. 14 бутт чохь текхна цо ишта а, и хан чулаца декхаре ю таIзардаран система.

Читайте на сайте

Другие проекты от 123ru.net








































Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net