КъахIирехь вайначу гIалгIах хаам кхаьчна
КъахIирехь вайна лору гIалгIайн студент Дугиев Хизир карийна, ГIалгIайчоьнан омбудсмено Оздоев Джамбулата бинчу хаамца. Оьрсийн дипломаташкара кхаьчначу информацица, КъахIирерчу набахтехь латтош ву иза.
Яхначу аьхкенан Марсхьокху-баттахь вайчхьана цхьана а кепара кост дацара цуьнгара. Цуьнца цхьана къайлаваьккхинера ГIалгIайчуьра кхин а виъ дешархо. Уьш берриш а Мисарарчу ал-Азхаран университетехь доьшуш хиллера.
Мисаран я полицино а, я прокуратурано кегийрхойх жоп ца лора Оьрсийчоьнан официалан векалшна а, байначийн гергарчара лецначу адвокаташна а ур-атталла. Дечкен-баттахь виъ кIант КъахIирерчу цхьахйолчу набахтехь латтош хилар къаьстира. Ткъа Дугиевх хилларг хууш дацара.
"Шун кIант дIалацаран бахьанаш довзийта аьлла, шайга динчу дехарна жоп луш, Мисаран Iедалхой тIетовжу 2017-чу шарахь шайн пачхьалкхехь тIеэцначу низамна. Цу низамо бакъо ца ло полисхошна, шайн лаьтта тIехь къепе йохорна дIалецначу кхечу пачхьалкхан бахархойх информаци яла. Мисарарчу Оьрсийчоьнан векалто меттигерчу Iедалхошка кехат дахьийтина, шаьш Дугиевна тIекхачийтар доьхуш", - аьлла ду, кIентан нене Дугиева Джаннате омбудсмено Оздоев Джамбулата даийтийна кехат. Цуьнан копи ю "Кавказ.Реалиин" редакцехь.