Кхиазхошна тIехь къизаллаш лелорна бехкейина Иракъ
![Кхиазхошна тIехь къизаллаш лелорна бехкейина Иракъ](https://gdb.rferl.org/7EB42861-7D07-4EED-9D35-F3554E28E108_cx0_cy4_cw0_w800_h450.jpg)
Иракъан Iедалша а, пачхьалкхан къилбаседанерчу курдойн тобанаша а лецна латтош бу, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошца уьйрашкахь лаьттина бу бохуш, бехкебен цхьа эзар ах эзар гергга кхиазхой. Euronews хьостано бина и хаам, Human Rights Watch организацина тIе а тевжина. Бу царлахь 180 сов кхечу пачхьалкхашкара кегийрхой а.
Бакъонашларъярхоша бахарехь, дукха хьолахь тIехь ницкъ а беш, тIелоьцуьйтуш ду кхиазхошка бехкаш. Human Rights Watch организацин белхахоша билгалдоккху, даIишхойх дIакхеттарш, дукха хьолахь, шайх кхоьруш, я шайн гергарчарна тIехь ницкъбарна кхоьруш царна тIебирзина хилар. Ткъа хIинца юха шолгIа а кхерамна буха нисбелла уьш.