Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


Соьлж-ГIалахь украинхошна хенаш тоьхна

Ах шо сов хьалха йолийна йолу кхел, Оьрсийн кица «Низам гIуркх санна ду. Ахь дерзийначу агIора хир ду иза», бохург бакъ деш хилар дIаяхьна. Дуккха а тоьшаллаш, Карпюк а, Клых а, хьалхарчу тIамехь хилла ца хиларх тидаме а ца эцна кхело. И тоьшаллаш онда бух болуш хиларна а тоьшаллаш, дукхачу наха далийча а, тергал ца дина. Ткъа и шиъ Нохчийчохь тIом беш хиларал сов, оьрсийн эскархой иттанашкахь байина а, царна тIехь къизаллаш лелийна бохуш цхьана стага, Молофеев Александра дийцинарг юккъадалийна оцу гIуллакхан.


И процесс йолаелчу дуьйна, цигахь болх беш ву Маршо Радион оьрсийн сервисера корреспондент Наумлюк Антон. Цо дийцира, оцу кхелан йохаллехь далийначу тоьшаллех.


Наумлюк: «Бехкбуьллучу агIорара цхьа Молофеев Александр бен вацара цу процессехь. Цо бохура шена Карпюк Нохчийчурчу тIамехь гина. Иштта шена тIом беш гина бохура цо, Украинан хилла волу премьер-министр Яценюк Арсений а. ГIодоккхучу агIорара массийта журналист вара, оцу хенахь Соьлж-ГIалахь болх беш хилла. Уьш бахкийнера адвокаташа. Кхин а, кхеле кхайкхинера «Мемориалан» куьйгалхо а. Цо кхоччуш дийцира 1994-1995 шерашкахь шаьш кхузахь гулдинчу тоьшаллех. Иштта, цо дийцира 2000-чу шарахь хиллачух а. Карпюкан а, Клыхан бехке дуьллуш дара оцу шарахь а, Радуев Салманан тобанехь Ведан кIоштерачу тIеман Iаморан базехь хилла аьлла. И ша долу хIума бакъ ца хилар дIахаийтира бакъонашларъярхочо. Иштта оцу кхелехь дакъалоцуш яра украинера журналист Томак Мария. Цо дукхачу хьолехь дийцира Карпюк а, Клых а дIалацаран хьолех. И хьелаш чIогIа тамашийна ду. Карпюк Оьрсийчу веънера, националистийн тобанаша векал а вина, ГIирмехь референдум ма е аьлла дийцарш дан. Дозанехь иза дIалаьцнера эскархоша. КхоолгIачу дийнахь, иза дIавигнера ФСБ-н белхахоша. Клыхца дерг а тамашийна ду. Иза Орел-гIала вахана хилла, шена цул хьалха ГIирмехь евзинчу йоIаца цхаьнакхета. Хьешан цIийнехь иза а дIалаьцнера ФСБ-н белхахоша. Я иза а, я вожа а дIалацале Молофееван тоьшаллашкахь цхьанхьа а хьахош а вацара».


Карпюкан а, Клыхан а тIехь йоьдучу процессан масал тидаме эцча, дукхачу тергамхойн шеко ца кхоллало, тIаьхьара сацам бан безачу кхелхочуьнан вердикт муха хира ю. Ши а украинхо я 1994 а, я 2000-чу шерашкахь а Нохчийчохь хилла ца хилар тоьшаллаш далошшехь, царна бIаьргаш хьаббина ю кхел. Шайна оьшучу хенахь уьш схьа а боьллуш,бохуш кхин дIа а дийцира журналиста Наумлюк Антона.


Наумлюк: «Кхело тидаме ца эцна шина украинхойн агIоно далош долу тоьшаллаш. Клых оцу хенахь доьшуш хилла университетехь. Цигара зачетка а яра еана. Цу тIехь гуш дара 29-чохь иза экзаменаш луш хиллийла. 2-чохь а елла цо экзамен. Иза хIора дийнахь доьшуш хилла, цундела цхьанна а кепара иза хуьлийла дацара Нохчийчохь. Амма кхело оцу гIуллакхан юккъе ца йиллира цуьнан и зачетка. Карпюк националистийн боламехь вевзаш стаг ву. Иза кхузахь ца хиларан тоьшаллех далийна дара цIахь даьхна цуьнан суьрташ а, хаамийн гIирсашкара цуьнан интервьюш а, зорбанан-конференцешкахь цо дакъалоцуш хилар а. Кхело и тоьшаллаш а чоьте ца ийцира».


ХIинцалц дукха нах тешна бара Карпюк а, Клых а, Украинехь дIалаьцначу оьрсийн шина эскархочуьнца хуьйцур ву аьлла. Амма цIаьххьана и шиъ хийцира украинан эскархочуьнца Савченко Надеждица. ХIетте а, Карпюк а, Клых а цIаверзаран некъаш ду. Царах кхин дIа а дийцира Маршо Радиона корреспондента Наумлюк Антона.


Наумлюк: «Ши некъ бу Карпюк а Клых а цIаверза. Суна хетарехь адвокаташ ши а юьхьарлоцур бу. Аппеляци йоцург ду иза. Карпюка хIинцале Европерачу адамийн бакъонашкахула кхеле арз дина, шена таллам боьдучу хенахь къизаллаш йина аьлла. Цхьа некъ бу,  Iедалша къинхетам а бина, селхана Савченко санна цхьаьнца хийцар. Нагахь санна и къинхетам цара бехча, иза бахь а, гергарчу хенахь и шиъ цIа юхаверза мега. Цу шимма, и дехар дича, шина пачхьалкхан юкъахь политикан барт хила беза, и шиъ цхьаьнца хуьйцур ву аьлла. Кхин некъ бу, и шиъ Украине дIа а вигна, цигахь цаьрга набахтехь хан такхийтар. Иштта деш делахь, Украино, чIагIо ян еза, иза иштта хир ду аьлла. Цул совнах, шайн низамашкахь, царна и таIзар дан бух, аьлча а артикал каро еза. Иштта, кхоччуш тоьшалла а хила деза, и шиъ боккъал а набахтехь хан токхур йолуш ву аьлла».


Карпюк Николайн а, Клях Станиславан кхел дукхачу тергамхошна хета политикан бахьанехь юйла. Савченко Надежда а, лачкъа а йина, Оьрсийчу ялийна йолу, дукха кIоршаме бехк тIе а оьллина, йоккха хан тоха мегаш яра. Схьагарехь, цуьнан кхоллам шина пачхьалкхан куьйгалхоша барт а бина, къастийна. Аьтто бер буй иштта Карпюкан а, Клыхан а цIаверза, къаста мега гергарчу деношкахь. Цу шинца хийца а, схьагарехь нах бу Украинехь а.

Читайте на сайте

Другие проекты от 123ru.net








































Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net