9-чу классашкара бераш дIаэхарна дуьхьал ву Кадыров
ЕГЭ дIаяла хаарш тоьар дац шен аьллачу беро эшабо шен ницкъаш. "Исс класс яьккхина школера бер дIадахар ледара тенденци ю. Уггар хьалха, дайша-наноша дика дешийта деза шайн берашка. Шайн доьзалхоша дуIу са а хууш хила беза дай-наной, кхана-лама шаьш къанделча шайга хьажа церан дезий а хоуьйтуш. Тахана шаьш чудиллинарг схьаоьцур ду аш кхана шайн берашкара", - аьлла Кадыровс.
Цул совнах, хьехархой а декхаребина мехкан куьйгалхочо, берийн деша дог даийта. Цундела, уггар хьалха хьехархойн хаарш лакхадаха деза, аьлла хета цунна.