Москох йочана йолуш гIатта ца ло кеманаш
Орцан министраллан хаамашца, кхааридийнан сарралц тIедогIуш ло а долуш, цхьацца меттигашкахь ша хьаьхна хир ю.
Москохарчу транспортан прокуратурано талламаш бу дIахьош "Аэрофлотан" рейсаш Шереметьевехь юкъахъяхаран бахьанашца доьзна, пассажирашна оьшу хьелаш латтош дуй, хьовсуш.
Де хьалха авиакомпанино дIакхайкхийра, кхааридийнан 70 гергга рейс юхаяьккхина шаьш йочанна аьлла.