Донбассера хьал марсадаккхар дита аьлла Оьрсийчоьне Евробертан пачхьалкхаша
Дуьненчуьрчу машарна кхерамаш латтош, Украинан суверенитет йохайо Москоха шен леларца аьлла ду юкъахь Евробертан пачхьалкхаша хIоттийначу дIахьедарехь. Украинерчу ситуацина леринчу ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан цхьанакхетарехь бина цу кепара кхайкхам.
Донбассера хьал дерзон Iалашонца бина Минскан барт а бохийна хиларна къера бу ООН-ехь.
2014-чу шарера схьа дуьйнна Украинан Малхбалехь вийна 3 эзар сов маьрша вахархо, ткъа йоллу пачхьалкхехь вийнарг ву мел лахара а 9 эзар стаг. 1,5 миллион Луганскан а, Донецкан а кIоштийн бахархой мухIажирш бевлла. Гуманитаран хеттаршкахула йолчу ООН-н инарла секретаран гIоьнчас Мюллер Урсулас дина ишта дIахьедар.
Цо бахарехь, Донбассан шина а агIор бехачу бахархошна гуманитаран гIо кхачо 2019-чу шарахь 162 миллион доллар ахча оьшу.