Велла халкъан артист Юрский Сергей
Москох велла Оьрсийчоьнан халкъан артист Юрский Сергей. Цунах лаьцна хаам бина Моссоветан цIарахчу театран зорбанан сервисо.
Юрский вара Советан пачхьалкхан а, Оьрсийчоьнан а театран а, кинон а актер. Иза винера Денинградехь 1935 шарахь.
Юрскийс ролаш ловзийна Советан пачхьалкхехь евзаш хиллачу «Королев», «Выбор цели», «Республика ШКИД», «Ищите женщину», «Любовь и голуби», «Золотой теленок» исбаьхьаллин филмашкахь.