Бельтоевн дакъа дIалуш дац
"Латархо вара иза, спортхо вара. ЦIеххьана вайра иза. Лехамашка веллера иза. Хьуьнчохь хилла хила а тарло, я "вайина" хила а мега. Дакъа схьалуш дац цуьнан", - аьлла къамел динчо.
Иштта цо дийцина, стохка къайлахчу сервисаша Мансуран жимахволу ваша вийна хиларх а, ткъа церан йиша гIаттамхошна гIо латтийна ю бохуш, изолятор чохь латтош ю аьлла а.
2017-чу шарахь ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло лехамашка веллера Бельтоев Мансур. ГIаттамхошца уьйрашкахь ву, Шема дIаваха а гIоьртинера бохуш, шеконашка эцнера иза.