Тоьках даккхий декхарш гулделлачаьргара бахам а, машенаш а схьайохур ю аьлла нохчийн пурстоьпаша
"Нохчийн кхелан пурстоьпаша декхар гулделлачу 155 вахархочун хIусамашкара йийбар дIалаьцна, Оьрсийчуьра аравала дихкина 514 стагна, декхархойн машенашна регистраци яр сацийна", - хаамбо "Чеченэнерго" компанино.
Цул совнах, 371 декхар волчун алапех хIора баттахь чусецош ахчанаш ду.
Говзанчаша дIехьедо, гергарчу хенахь даккхий ахчанаш тIехьерчийначаьргара декхарна дуьхьал схьайохур ю церан машенаш, церан долара хIусамаш а аьлла.