ГасангусейновгIеран ши ваша вер инзаре гIалат ду аьлла Васильевс
"Ас тергонехь латтош дара и гIуллакх. Оха сацамбира, вежарийн гIуллакх кхачам боллуш таллийтархьама Бастрыкине дIадала. Сан кхетамца, инзаре гIалат ду цигахь даьлларг", - аьлла цо."
"Ишта ирча гIалат нислуш хуьлу. Тоххара милицехь болх бина ву со. Хьажахьа: дIахьош контртерроран операци ю, лаьмнашкара чубуьсу нах. Цхьаьннан нерваш ца тоьа, герз детта волало иза. Цу тайпа бохам нисло", - аьлла Васильевс газете.
Урхалхо тешна ву, "хуъушехь дина хIума дац и, хIунда аьлча, царна уьш бевзаш бацара, цхьа а гамо яцара цаьрца, бахьана дацара цигахь" аьлла.
"Iаьржачу боданехь нерваш ца тоьъна цхьаьннан. Со кхета цунах, хьо а кхета, милла а хьекъал долу стаг а кхета. Со тешна ву, низамийн гурашкахь гIуллакх толлур ду аьлла. Суна хаьа, адамийн цхьа тоба ю лелаш, и ситуаци йижа ца юьтуш, цунна тIехь шен авторитет лакха а яьккхина, ахча даккха гIерташ. Ишта суна хаьа, прокурор цхьанакхетта шина кIентан деца, и гIуллакх тергонехь латтош а ду", - аьлла Дагестанан урхалхочо.
ГасангусейновгIеран вежарий: 19 шо долу Гасангусейн а, 17 шо долу Наби а вийра 2016-чу шарахь Шемалан кIоштарчу Гоор-ХIиндахI эвлахь йоьдучу спецоперацехь.
ТIемалой бара уьш аьлла, бехк шайна тIера баккха гIоьртира полисхой, амма нах ца тийшира.