Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


"Хехо ца оьцу". Оьрсийчоьнан пенсхоша белхан меттигаш лехарх

Пенси боьлху хан кхаьчнарш, аьлча а, пенси ваха 5 шо, я кхин а кIезиг хан йисина нах бахьана доцуш балхара дIа ца бахийта, терго латто буьйлабелла оьрсийн Iедалхой. Къинхьегаман, социалан хьелаш кхиоран министараллан куьйгакIеларчу бахархой мукъа ца хилийтаран центрашка ГIадужу-баттахь дуьйнна болх лучара хIора кварталехь информаци кхачо еза царех: маса ву ишта пенсхо, церан хенаш билгал а йохуш.


ГIадужу-беттан 3-чохь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира куьйгяздира, бахьана а доцуш, пенси ваха хан йолу стаг балхара вохийначунна таIзар деш. Пенси воьду хан тIетохар нахана дукха тIех халонга ца далийтархьама, белхан меттигаш кхачо гIерта пачхьалкх, дуьйцу эксперташа.


"40-45 шо кхаьчначул тIаьхьа Iаламат йоккха проблема ю балха хIоттар", - аьлла социалан-къинхьегаман бакъонийн Центран куьйгалхочо Герасимова Еленас


"Настоящее время" гIирсан корреспонденто къамел дира пенсехь болчаьрца а, пенси баха хан герга кхочучу бахархошца а эйджизмех – шераш бахьана долуш, белхан меттигашкахь лелочу дискриминацех.


Хьалхо тхан хьостано зорбане яьккхинчу материлехь дийцира, кхечу пачхьалкхашкахь муха беха пенсионераш. Материлан турпалхой догреза хилира шайн суьрташ зорбане дахийта а.


Ткъа хIара артикл кечъечу хенахь, Оьрсийчуьра пенсхой дуьхьал хилира, шайн суьрташ зорбане дахийта а, я шайн бакъйолу цIераш йовзийта а.


Шофер

Юрий Николаевич – говза шофер ву. Машенийн меженаш юхкучу туьканчохь болх бина цо тIаьххьарчу 17 шерачохь.


"Сан 61 шо ду. Пенси вахана цхьа шо ду. Кхул хьалха туьканахь болх беш вара со, хIинца иза дIакъевлина. Со вехачу Чеховехь (Москохан кIошт) болх ца карош къар дайна сан. Луларчу Климовскехь волавелира со дуьххьара болх лаха. Меттигерчу индустрехь хехо хIотта дагахь хиллера со. ТIе а ийцира, къамел дира соьца, амма телефон юха ца туьйхира", - дуьйцу пенсхочо.


12 эзар сом алапа оьцура цо, ша туьканахь болх бечу заманчохь.


"Ас оьцучу 11.200 эзар сом пенсина тIе тоьхча тоаме хуьлура иза. Ткъа пенсех хене вийла хала ду", - боху Юрий Николаевича.


Климовскехь аьтто ца хилча, машенийн меженаш юхкучу туьканашкарчу шена мел бевзачарна тIехула чекхвелира иза, амма цхьанхьа а меттиг ца хуьлура. ТIаккха шоферан болх лийхира цо, цигахь а ханна воккха ву бохуш, дIа ца оьцура цхьанхьа а.


"Меттигерчу "Мосавтотранс" олучу автобусан паркехь а лийхира ас болх.  Низамашкахь сан бакъо яц я бераш, я баккхий нах дIасалело, хIунда аьлча, сан 60 шо долу дела элиро соьга цигахь. Суна-м цара низам схьагайтира", - дуьйцу пенсхочо.


"Настоящее время" проектан корреспондентна ца карийра цу тайпа низам: массо а юристаша а чIагIдо, машен лелор доьхкуш низам данне а дац аьлла. Хууш дац, хIун гайтина хилла Юрий Николаевична.


Карарчу хенахь меттигерчу "Рядом с домом" цIе йолчу газет тIехь болх лоьхуш ву пенсхо. "Газет тIехь балха кхойкхуш хаам гича, оцу организаци воьду со. Чеховехь масийттанхьа хилла со. Схьагарехь, ур-атталла хехо а ца оьцу со", - дийцина болх лоьхучо.


Талламаш бечу HeadHunter компанин куьйгалхочо Игнатова Марияс бахарехь, Оьрсийчохь проблемаш юьйлало белхан хьелашца стеган 45 шо кхаьчначул тIаьхьа дуьйнна.


"45 шарел тIехваьллачо эхашерачохь лоьху болх, ткъа 25-35 шо долчунна 3-6 кIиранчохь карабо", - боху эксперто.


Бухгалтер

Пенси яха хан герга кхочучу заманчохь балхара дIаяьккхина Полина Сергеевна.


"53 шо дара сан хIетахь. Цхьана доларчу школехь бухгалтер болх бинера ас дуккха а шерашкахь. Школан куьйгалхо хийцавелча балхара дIаяла декхаре йира со а. ХIетахь сох тешна къена да-нана дара сан, царех цхьаъ меттахь кIелвисина инвалид вара, хIетте а ца йитира со болхбан", - дийцира зудчо.


Кхи тIе а стресс йинарг дара, Полина Сергеевнана пенси яха хан тIетоьаш цахилар. Онлайнехь лоьхура цо болх.


"Кест-кеста сайн резюме дIасакхоьхьуьйтура ас, амма жоп ца догIура", - боху цо. Къинхьегаман биржан сайте а язъеллера иза, цо а пайда ца беара, ша балхах йоьхна аьлла, доладелла ахча доцург.


Эххар а автобусан паркан филиале хьажайо Полина Сергеевна. Цига балха араяла бохуш, дехарш а до цуьнга, хьайн хенаца кхи цхьанхьа а оьцур яц хьо а бохуш.


Биъ бутт баьллачул тIаьхьа кхо яхьийтинчу онлайн-резюмена жоп кхочу. Оьрсийчоьнан Къилбаседа регионашкара кхечу пачхьалкхе тиша эчиг дIадохьуьйтучу фирмано балха оьцу иза. Тахана цигахь бухгалтер болх беш ю иза.


Секретарь

"Къинхьегаман биржа- еккъа катастрофа ю, - боху 50 шо долчу Екатерина Олеговнас. – Хьо шайн чоьте а оьций, цхьа кепекаш ло хьуна. 7 эзар сом ца кхоччуш лора суна баттахь. Цигахь мел дийриг-хьуна пайдене дац".


Стохка Дечкен-баттахь дуьйна болх боцуш йисина Екатерина Олеговна. "Роснано" пачхьалкхан корпорацино мукъаяьккхира иза балхара, дуккхаъ шерашкахь цигахь къахьегна йолу.


"Хьан шераш бахьанехь ца боху оха, тIейогIучу хенахь хIокху белхан меттигехь реформаци еш ю эира соьга, - дуьйцу цо. - Сайн дика резюме ю аьлла, тешна яра со. ХIунда аьлча, "Роснано" йоцург а, ас дукха болх ма бинера РАО ЕЭС-хь Чубайсан хиллачу цхьана гIовсаца".


Делахь а, дуккха а зеделларг доллушехь, болх каро атта дацара цунна.


"Дуьххьал дIа цхьаммо а эр дац хьоьга – хьо ханна йоккха йолу дела оха ца оьцу хьо балха. Эзар бахьана карор ду-кх хьуна куьйгалхочунна хьо балха ца эца, дукха хьолахь доцца дIахададо – хьо тхуна ца мега олий. Массарна а кегийнаш оьшу", - аьлла хета Екатеринина.


Онлайнехь а цхьана лехна цо болх.


"ХIора Iуьйранна хьала а гIоттий, коьртачу hh.ru, superjob.ru, rabota.ru сайташ тIе резюме йохьуьйтура ас. Кегийча интернет, керла белхан меттигаш го хьуна, ахь цаьрга хьайн резюме тосу - жоп ца догIу", - дуьйцу зудчо.


Ша балхара дIаяьккхина пхи бутт баьллачул тIаьхьа карийна Екатерина Олеговнана болх. Шен боккха аьтто хилла аьлла хеташ а ю иза. Цхьахйолу лакхарчу доьшийлан методикан центрехь экзаменийн тесташ шаръеш ю иза.


Къайлахчу сервисийн белхахо

Хьем бойцуш балха хIотта аьтто хиллачех ву Лев Степанович. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн цхьана декъахь къахьегна ву иза.


Ша эскаран гIуллакххо хиларе терра 55 шо кхаьчча пенси ваханера иза. Юьхьанца курьеран болх нисбеллера цунна.


"Документаш дIасакхехьар бара сан болх. Адресаш метрона генахь хуьлура, цундела доккхачу декъанна гIаш лела дезара сан. Делахь а, суна новкъадерг хIун дара, белхан контракт ца деш- соьга болх байтар. Со тешна вара, мичча хенахь а, "Iо дика йойла хьан" ала йиш яра церан соьга, ткъа сан карахь ас болх бина хиларх цхьа а тоьшалла ца хуьлура", - дуьйцу Лев Степановича.


ТIаккха шен корматаллица богIу болх лаха волавелира иза.


"Цхьа бутт баьлча аьтто хилира сан балхаца. Дешаран хьукматерчу КПП контролер дIакхойкхуш, бина хаам гира суна. Со цецваьлларг хIун дара, царна оьшург 55 шаре ваьлла белхало хилар. Пенсхо воллушехь со балха дIаэцца хила тарлора цара - масала, суна некъана а, транспортна а ахча дала цадезарна, сан социалан карта ма ду", - боху Лев Степановича.


Оцу цхьана белхан меттиге пхи стаг вара, хIора кандидат тестах чекхвоккхуш.


"Масала, сан охьадийца дезара, цIе ялахь, цIеххьана эвакуаци хилахь а айса дан дезарг. Ишта ингалсан мотт хаар а лорура. Суна схьахетарехь, ас хьалха бина болх бахьана долуш дIаэцна хир вара со, цу тIе - со борша стаг а ву. Куьйгалло хьесап дина хир дар-кх, зударийн коллективехь урхалла дан а суна хала хир дац аьлла", - хета Лев Степановична.


Индустрин белхахо

Регионашкахь изза проблемаш ю, амма хьелаш кхин а хала ду.


"ХIара Москох ма яц, тхо долчахь 10 эзар сом а тоаме алапа лору, - боху Оренбургерчу Юлия Андреевнас. - Ас болх бинчу дама доккхучу индустрехь тахана алапа 13-14 эзар сом ду. Ткъа сан пенси - 12 эзар. Халла хене йолу со, лол бетташ. Коммуналан йолах дIадала а, юург латтон а бен ца тоьа. Ткъа цхьаъ эца дезаш хилахь, сан доьзало гIо до суна".


Шен 55 шо дуьзначул тIаьхьа пенси яхна Юлия Андреевна.


"Хьалхарчу шина шарахь цхьанхьа а балха яха а ца гIиртира со - сайн говзаллица болх каро Iаламат хала дара суна. Масала, ас санна индустрехь болх бина сан цхьа накъост, туькана горгам хьакха яхна-кх. Суна-м ца лаьара, дийно сарралц туьканахь ялла, ткъа цуьнан самукъадолу - адамашца къамелаш деш а хазахета цунна", - дуьйцу цо.


ГIад дайна дегайовхо

Чеховехь вехачу шоферо Юрий Николаевича дог доху, бух боцуш пенсхошна белхан меттиг ца лучу куьйгалхошна дуьхьал гIуллакх долош низам арахецаре.


"Уьш совцон цхьа урх кароре сатуьйсу ас. Цкъачунна шайна хеттарг схьадо цара", - боху цо.


Материалан автор Каранух Мария, гочдар Димаева Лизин


 

Читайте на сайте

Другие проекты от 123ru.net








































Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net