Газахь билггала 9 миллиард сом декхар дита кхело ца аьлла, боху "Газпроман" Соьлж-ГIаларчу векало
Амерхановс дийцарехь, кхело декхарелахь бина уьш догдохийла йоцу декхарш дита, амма ца хьахийна билггала ахчанан барам. Цунна хетарехь, 9 миллиард сом ахча хьехадаран бахьана хила мега "информацин юкъакхоссар". Хьалхо и терахь далийнера прокуратуро.
Дечкен-беттан 16-чохь Нохчийчоьнан прокуратуро хаам бира кIоштан кхелан сацамца 9 миллиард сом декхар дитина республикехь ягийначу газах аьлла. Карарчу хенахь и ахча цу хаамехь хьехош дац, билгалдоккху "Медиазона" зорбанан гIирсо.