Москох бIеннашкахь наха дагалецира вийна адвокат Маркелов а, журналист Бабурова а
Ишта адвокат Маркелов Станислав дакъалоцуш вара Нохчийчохь ницкъаллин структурийн белхахоша динчу зуламашца йоьзначу кхелашкахь а. Эшам хиллачу нахана тIехIоьттина вара иза.
2009-чу шарахь дийнан делккъахь Кремлна гергахь герз тоьхна, дийра и шиъ. 2011-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь кхело хан а тоьхна велла дIаваллалц чувоьллира и зулам дина волу неонацистийн тобанхо Тихонов Никита. Цуьнан зудчунна Хасис Евгенияна 18 шо хан кхайкхийра набахтехь яккха.