Кенехь хиллачу тIелатарехь 14 стаг вийна
Масех граната а кхоьсина, герзаш детташ, гIишло чохь хьулбеллера тIелеттарш. 20 сахьтехь дIаяьхьира операци. ХIусамчуьра араваьккхира 700 стаг. Iедалша теракт ду динарг аьлла, дIакхайкхийна. Исламан радикалан "Аш-Шабаб" тобано шена тIелаьцна зулам.
ДжихIадхоша жоьпалла шайна тIе а лоьцуш, тIаьххьарчу шерашкахь Кенехь масийттазза хилла тIелетарш.
2015-чу шарахь Найробехь дира уггар а доккха тIелатар. Меттигерчу университетна тIелатарехь вийра 150 гергга студент.