Оьрсийчоьнан векал Карлов вер хьокъехь кхел йолалуш ю Хонкарахь
Талламхойн версица, жоьпе озийна ву Iамеркехь вехачу дешна стагаца Гюлен Фетхуллаца уьйраш латтош хилла 28 стаг. Туркойн Iедалша чIагIдарехь, Уьш берш Туркойчохь терроран лоручу Гюленан FETO вовшахтохараллан декъашхой бу.
Карлов вийра 2016-чу шарахь ГIура-беттан 19-чохь, кхузаманахьлера исбаьхьаллан центрехь суртийн гайтам схьабоьллучехь. 22 шо долчу Алтынташ Мерт Мевлюта маситтоза тапча туьйхира дипломатна, "Йиц ма е Алеппо!" аьлла мохь а тухуш.
Цул тIаьхьа масех минот ялале Алтынташ вийра кхерамазалла ларъяран ницкъийн белхахошца хиллачу герз тохарехь.