Магнитогорскехь беллачарна а, лазийначарна ахча дIакхачор тIедиллина Медведевс
Цул совнах 100 эзар соьмана гIо дийр ду хIусам йьхначарна а. Регионерчу могушаллин а, арахьарчу гIуллакхийн а министраллашца юккъахь Магнитогорскехь беллачийн а, лазийначийн а тептар вовшахтохий, Оьрсийчоьнан орцан урхалле дIакхааде аьлла, тIедиллина министрийн кабинето Челябинскан кIоштан администрацина.
Ишта пачхьалкхо тIелаьцна белларш шен чоьтах дIабохкар а. Пачхьалкхан резерван фондера Магнитогорскна хьажийна 65 миллион 140 эзар сом.
Байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Магнитогорскехь цIийнан подъезд чу а хаьрцина велла 39 стаг. Деа дийнахь лийхира херцаршлахь орцанхоша нах.