Москох лаьцначу "шпионна" шайн консул тIевитар тIедожийна Iамерко
Венехь тIеэцначу конвенцица а догIуш, шайн стагна консул тIевита аьлла, тIедиллина Iамерко. Оьрсийн къайлахчу сервисаша Москох Iамеркахо дIалаьцна, шпионалла лелош хилла иза аьлла, шеконаш кхоллаелла.
ФСБ-но бинчу хаамехь яздо, лаьцначу Уилан Полнаи дуьхьал бехкталламан гIуллакх долийна хиларх. Оьрсийчоьнан низамашца, 20 шо гергга хан йогIу цунна набахтехь яккха.
"Голос Америки" хьостан корреспонденто билгалдаккхарца, муьлххачу а хеттаршна жоьпаш а луш, Москох кийча ю Вашингтонца дийцарш дIадахьа аьлла, Керлачу шарца Трамп декъал а веш, президент Путин Владимир зIене ваьлла 24 сахьт даьллачул тIаьхьа кхаьчна Уилан дIалацарх информаци.