Iамеркан исторехь кхиаме дара 2018-гIа шо аьлла Трампа
Уггар а мехала хета КIайчу цIийнан куьйгалхочунна Къилба Корейца (КНДР) шен хилла дийцарш. Цул тIаьхьа дитира КНДР-а зарратан герзах пайдаэцар. Ишта Трампа дагадоуьйту, Тель-Авивера Иерусалиме Iамеркан консулалла дехьаяккхар а.
Мексикаца долчу дозанехь пен богIар а хьахийна Iамеркан президенто, ишта дIахьедина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн дозанашкахь само латтон езаш хиларх а. "Пен хила беза", - аьлла Трампа.