Магнитогорскехь газ иккхина. Белларш а бу, тIепаза байнарш а бу.
"Магнитогорскехь чолхечу хьолан раж кхайкхийна. Губернатор коьртехь а волуш, штаб вовшахтоьхна", - яздина шен Телеграм каналехь губернаторо.
ТIекIелдинчу цIенош чохь газ а иккхина, чуйоьжна дийнна подъезд. Болчу хаамашца, цхьахйолчу петарчохь газ экхаран бахьанашца хилла бохам бу иза.
Орцанхой а, техникан гIирс а тIе а оьзна, белхаш бу цIенна гонах дIахьош.
ТIаьххьарчу хаамашца, велларг виъ стаг ву.