Шемара Iамеркан эскарш арадахар лагIдан сацамбина Трампа
CNN телеканало билгалдаккхарца, дахначу кIиранах Иракъехь хиллачул тIахьа хийцина Трампа эскарш Шемара арадахаран шен позици. Цигахь Iамеркан президент цхьанакхеттера тIеман буьйранчашца, цара дийцира "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан дерриг а хIу дайина цахиларх.
Карарчу беттан 19-чохь дIахьедира Трампа, тIейогIучу заманчохь Шемара Iамеркан эскарш юхадерзо воллу ша аьлла. Iамеркан агIончашна ца тайна ца Iаш, Конгрессехь а емалдира Трампан дIахьедар. ТIеман министраллан урхалхочо Мэттис Джеймса шегара дарж охьадиллира.