Иракъехь а, Шемахь а дисинчу берех Малхбузен шпионаш хила тарло аьлла Кадыровс
Маршо Радионо яздира, кIирандийнахь Москохарчу Раменское аэропорте БагIдадерчу набахтешкахь латтийна 30 бер схьакхачорах. Шемара а, Иракъера а бераш катоьхна цIа ца дерзадахь, Iамеркан къайлахчу сервисаша Iаткъам бина, Малхбузен шпионаш хир бу царех аьлла мехкан куьйгалхочо.
"Нагахь уьш вай цIа ца берзабой, Малхбузерчу къайлахчу сервисашна хIонс хир ю царех", - аьлла Кадыровс.