Нохчийчуьрчу школашна 91 автобус дIаелла Кадыровс
Республикерчу дешаран министраллан векло Муртазов Хаважа хьалхо бинчу хаамца, карарчу хенахь республикехь дешархой дIасалелош ю 2016-чу а, 2017-чу а шерашкахь федералан центро яийтина йолу 130 сов автобус. Кадыровс дIасаеккъарш ца йийцича Нохчийчуьрчу школашна бераш дIасалелон кхачо ян оьшург яра 144 автобус.