Франци, Монако: нохчо ву форвардийн могIаршлахь
31 футболхошлахь къастош ву уггаре дика къона футболхо, цуьнан цIе евзар ю кестта.
Францин футболехь кхиаме гIулчаш яьхна 18 шо долчу нохчийн мухIажиро. Шен 8 шо долуш волавелла Абукаев буьрканах ловза, лаьттина Ниццерчу кегийрхойн футболан тобанехь.
Шо ду кхиаме форвард "Монако" клубан кIоначу ловзархойн тобане кхайкхина а, иза цигахь ловзу а.
Теркйистерчу НогIамирзин-Юьртара схьаваьлла Европерчу футболехь кхимаш бохуш схьавогIу нохчо.