Ша цхьаммо гIаш Антарктида хадийна Iамеркерчу некъахочо
Гергарчара а, беза-бевзачара а цо бечу некъана терго еш хилла инстаграмехь йолчу некъахочуьнан агIонехула.
И тайпа некъ хьалха а бина некъахоша Антарктидехь, амма цара иза дора, хьалххе охьабиллинчу кхачанах пайда а оьцуш. Ткъа 33 шо долчу Портлендера (Орегон штат) схьаваьллачу О'Брэдина гIо деш вацара цхьа а стаг.
Цуьнца къовсавелла Антактида гIаш хадош волу Британера Радд Льюис хIинца а новкъахь ву.