ФСБ-н белхахошна тIемало ву моьттина Нурмагомедов
Лаьцна хиллачу шиннах цхьаъ ву дуьненна а вевзаш волу ММА латархо Нурмагомедов Хьабиб. Цунах лаьцна хаам бина Eurosport сайто.
Дозанхоша кхайкхина эропорте баьхкинчу полицин белхахошна вевзина UFC-н чемпион. Цуьнца дIахIиттина сурташ а даьхна, дIабахана уьш, яздо Eurosportо.
Болчу хаамца, шеца лелийнарг бахьана долуш вуно реза воцуш ву Нурмагомедов.