Кхача хаъал базбелла Оьрсийчохь тIаьхьарчу 11 баттахь
2018 шо доладелчхьана даар-малар дазделла Оьрсийчохь 3,3%, Евробертан территори тIехь и гайтам 1% а болуш. Уггар алсам мехаш хьаладевлла Оьрсийчохь Лахьанан-баттахь.
ДIабаханчу баттахь Евробертан юкъайогIучу пачхьалкхашкахь мехаш 0,1 процентана охьадовлучу хенахь, Оьрсийчуьрчу туьканашкахь кхачанан сурсаташ дазделла 1,2%.
Уггар алсам дазделлар ду жижиг а, жигагах бина кхача а, шурийн сурсаташ, нехча а, хIоаш а.
М