Зулам кечдеш хиларна шеко йолуш Нохчийчуьра вахархо лаьцна Туркойчохь
Haberturk сайто яздарехь, лаьцнарг ву "Хайят Тахрир аль-Шам" экстремистийн тобанан декъашхо. Цуьнан цIе юьйцуш яц, амма билгалйоккхуш ю А.Г. элпашца. И стаг Шемахь тIом бина ву бохуш, яздо сайто.
Ша жимачу стага чIагIдо, цхьана а терроран тобанца гIуллакх деана вац ша бохуш.