Ростох лоьхуш ю 25 шо долу нохчийн йоI
Жимачу зудчуьнгахь мобилан телефон йоцург кхин хIумма а ца хилла. Оханан-беттан 4-чохь иза йийна хила мега аьлла талламан комитето долийнера бехктакхаман гIуллакх.
Нохчийчуьрчу полисхойн аьтто ца баьллера Джабраилован лар каро. Цара жамI дина иза республикера дIаяхана хир ю аьлла.
Цхьацца билгалонашца Джабраилова Ростох еана хила мега аьлла, меттигерчу талламан комитето дехар дина бахархошна иза йолу меттиг хаалахь сихонца хаийта шайга аьлла.