Радан депутато телеэфирехь Iасанца тIелатар дина политологна
Политолог къамел деш волуш Мосийчука бехке вина иза Оьрсийчоьнна болх беш хиларна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан ахчанах болх беш хиларна а.
Семченкос жоп луш аьлла депутат "коьртана дика вац", иза Раде муха кхаьчна кхеташ вац ша аьлла, шена тIевеана дупутат дIа а тоттуш. Цул тIаьхьа Мосийчука Iасанца тIелатар дина политологна, яздо 360tv.ru сайто.