Трамп леррина хьажа-хӀотта Туркойчу кхайкхина ЭрдохIана
КIиранан дийнахь Iамеркан президенто хаам бинера, туркойн президентца ша дийцаре дина хиларх лаьцна "сиха ца луш а, вовшашца уьйраш йолуш а" Шемара Iамеркан эскарш арадахар.
Трампа дийцарехь, цо иштта ЭрдохIанца дийцаре дина тIаьхьарчу хенахь шина пачхьалкхан юкъаметтигаш галйевллачул тIаьхьа юха а Iамеркана а, Туркойчоьнна а юкъахь махлелор жигардаккхар.