Оьрсийчоьнан президент я министр хила лууш вац Кадыров
Шен карьера регионан куьйгалхочуьнан даржехь дIаерзо лууш ву ша, боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Кадыров Рамзан Нохчийн Республикана коьртехь ву 2007-чу шарахь дуьйна. Парламенто юха а цу даржехь тIечIагIвира иза 2011-чу шарахь а, 98% кхаьжнаш а гулдеш, 2016-чу шарахь республикехь харжамаш хиллачул тIаьхьа а.