Индонезехь цунами гIаьттина велла 222 стаг, лазийна 800
Оцу заманчохь пляжехь концерт луш хиллачу Seventeen музыкан тобан масех декъашо а велла. Белларш кхин а дукха хиларна саготта бу Iедалхой, орцанхой хIинца а тIекхаьчна бац зен хиллачу дуккхаъчу кIошташна.
Гезгамашин - баттахь Индонезехь мохбегийна, Сулавеси гIайри йистехь гIаьттинчу цунамис вийра 2500 стаг. Гинчара дийцарехь, ялх метар лакхаяьллера цунамино гIаттийна тулгIе.