Кху шарахь уггар а аьтто хиллачу а, зенаш лайначу а бизнесхойн тептар хIоттийна Forbes журнало
ШолгIачу меттехь ву японхойн Uniqlo бренд юкъаяьккхина Янаи Тадаси. ВорхI миллиард долларшкахь ю цунна хилла са.
Рейтинган кхолгIа могIа дIалоцу мехкадаьттан "Лукойл" компанин президенто, Оьрсийчуьра вахархочо Алекперов Вагита. 19, 5 миллиард гергга долларшкахь пайда хилла цунна карарчу шарахь.
Кхи дIа тептарехь аьтто хилла аьлла, билгалваьккхина медиамагнат Мердок Руперт а, оьрсийн "Новатэк" корпораци кхоьллинчех коьрта акционер Михельсон Леонид а.
Ткъа карарчу шарахь аьтто боьхначийн рейтингехь ву - Facebook-ан долахо Цукерберг Марк. 19 миллиард долларшкахь ду цунна хилла зен.
Zara бренд юкъаяьккхина Ортега Амансио ву шолгIачу могIарехь къастийна. 16 миллиард долларшна эшам хилла цунна доьдучу шарахь.
Немцойн Schaeffler подшипникаш ечу Шеффлер Георган 10 миллиард долларш дайна кху шарахь.