Мисарахь лецна латтийна дагестанхой Туркойчохь бу
Цо бахарехь, Гимрыхь бисина баккхий нах маьрша буьту къайлахчу сервисаша. Каирехь Дагестанан 17 вахархо дIалецира карарчу шеран бIаьста Мисаран къайлахчу сервисаша. Аэропортерчу "Матар Кадим" депортацин центрехь латтийра уьш. Цул тIаьхьа Оьрсийчу дIахьовсийра.
Лецначарлахь яра 2015-чу шарахь вийначу "Имарат Кавказа" тобан лидерх йисина Байсултанова Меседа а.