Нохчийчуьра 60 стаг дIалаьцна Москох
"Тхоьга цхьанга а ца дийцина тхо дIадигаран бахьанаш. Делкъанна кхо сахьт долучу заманчохь кхо стаг бен маьрша а ца ваьккхина", - аьлла бара тIаьххьара цо бина хаам. "Кавказ.Реалиис" телефон тоьхча Москохарчу полисхойн декъехь ца дийцина бераш дIалецарх.
Буьйцурш студенташ бац. Билгалъяьккхинчу хIусамехь бехарш гIишлошъярехь а, базаршкахь а белхаш бан баьхкина нах бу. Цу чохь буьйса йоккхург 200 сом мах ло цара.