ГIалгIайчуьра хьаькамаша а, банкан белхахоша 335 миллион сом къайладаьккхина
2012-чу ушарера 2014-чу шаре кхаччалц хьаькамаша а, банкан белхахоша лачкъийна 335 миллион сом ахча.
Оцу бехкзуламан гIуллакхан хьокъехь маса стаг дIалаьцна а, муьлхачу министраллан урхалхой бу а дуьйцуш дац зорбанашкахь. Бехктакхаман 159-чу артиклца гIуллакх долийна, Магасан кхеле кхи дIа листа дIакхачийна. Бехк тIечIагIбахь итт шераш кхачор ду царна набахтехь даккха.