Москох язлуш ю машенаш дӀахӀиттайойлаш
Хийцамаш хьакхалур бу Садовое а, КхоалгIа а го тосучу урамашна юкъахь йолчу территорех. Цигахь машен дIахIоттош мах бала безар бу кIирандийнахь а цхьаьна.
Транспортан департаменто чIагIдарехь, цу гIуллакхо мукъайоккхур ю 15-20% машенаш дIахIиттош йолу меттигаш.
Цу юкъадаккхарна дуьхьал петици кечйина Москох жигархоша. Цунна кIел куьйгаш яздина 150 эзар сов Москох бахархоша.