Страсбургерчу кхеле латкъам бина Омскерчу ИК-6 колонерчу тутмакхаша
Цунах лаьцна хаам бо "Кавказский узело", адвокатана Гончарова Верина тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, Страсбургерчу кхеле оццу бахьанашца латкъам бан лууш бу кхин болу чубоьхкина нах а.
Адвокато Окушко Татьянас дийцарехь, дукхаха болчу тутмакхаша дехар дина, шайна цIерш ма йовзийтахьара аьлла. Уьш кхоьрург ду шайна Iаткъам бан мегаш хилар, боху адвокато. Окушкос дийцарехь, латкъам бина нах хьийзош дакъалоцуш хилла кхин болу Омскерчу колонехь чубоьхкина нах.
"Кавказский узело" яздарехь, Омскерчу колонехь чIагIйинчу рожехь хан токхуш ву деза зуламаш дарна чувоьллина цхьа эзар сов тутмакх.
Цигахь летарш хиллера кху шеран ГIадужу-баттахь, маситта лазийна тутмакх дарбанан хIусамашка охьа а вуьллуш.
Шаьш чохь латточу баракан корах кехат тоьхнера цара, орца доьхуш. Колонин кертIахь гулбеллачу тутмакхийн гергарчу нахах цхьаберш полицино лецнера.