"Исламан пачхьалкхана" ахча гулдарна шеко йолуш 7 стаг лаьцна ФСБ-но
РИА Новости агенталло бинчу хаамца, цу операцехь дакъалоцуш хилла Росгвардин эскархой а. Низамаш лардон органаша дийцарехь, цу наха Шема хьажийна 38 миллион сом.
Болчу хамца, ГIура-беттан 10-чу дийнахь лецначу нехан хIусамашка хьовсуш талламхошна карийна дуккха а банкийн картанаш а, Iедалшна гергахь экстремизман чулацам болу литература а, цхьацца кхин долу кехаташ а.
Лецначу нахана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх.