Шемарчу тIемалошца уьйраш латтийна нохчо лаьцна Полшехь
Полшин кхело бакъо елла иза талламан изоляторехь латто 3 баттахь. Меттигерчу лерринчу сервисаша дийцарехь, Iаьльви А. цIе йолу и стаг тIемалойн могIаршкахь тIом бина ву Гергарчу Малхбалехь. Полшех вехаш а волуш, цо уьйраш латтош хилла тIемалошца.