Москох йогучу хIусамера шина нохчочо кIелхьаръяьккхина йоккха стаг
Цу шиммо дийцарехь, цу петаран чуьра мохь хилла хезаш. Орцанхой схькхачаре ца хьожуш, чуиккхинчу цу шина жимачу стага, когаш а, куьйгаш а лаьцна, аратакхийна хIумакхоллучу чохь цIаро йийсаре лаьцна хилла йоккха стаг.
Цу хиламах лаьцна дийцина Москох «360» телеканало. Жима ши стаг жигара хьовзарна велла а, лазийна а стаг воцуш дIадирзина хилларг.