"Кавказ" некъан дакъа тодийр ду Нохчийчохь
Ша некъ тобина ца Iаш, дан лерина ду некъайист чIагIяр а, цунах хоттало некъаш цхьана тIегIанехь дIанисдар а, хи дIадоьду биргIанаш хийцар а.
Трассина уллехула хIиттор ю гIовгIа хьулйон дуьхьалонаш, дохкур ду керла чиркхаш, автобусийн социйлаш, кхин дерг.
"Кавказ" некъ тобеш белхаш бийр бу федералан бюджетерчу ахчанах.