Зуламхочо герз диттина адамаш дайина Страсбургехь
Полицина хиъна и зулам динарг мила ву. Болчу хаамашца зуламхо ву 29 шо долу Страсбургехь вина а, кхиъна а волу Шериф Ш. цIарца вуьйцу стаг.
Иза хьалха чувоьллина хилла ву Францехь а, Германехь а. Францин лерринчу сервисийн белхахоша шайн тидамехь латточу нахана юкъахь хилла иза.