Басаевн хилла тIеман накъост лаьцна Ставрополехь
Талламхойн версица Казбулатов дакъалоцуш хилла 2000-чу шарахь Нохчийчохь Улус-Кертана гергахь Псковерчу десантхошна динчу тIелатарехь. Цу тIамехь 84 эскархо вийра, кхин а 4 чевнаш хилла вара.
Болчу хаамца, Казбулатов хан текхна ву колонехь, 1999-чу шарахь БотIлихехь хиллачу тIеман хиламашкахь дакъалацарна. Иза маьрша ваьлла хилла 2013-чу шарахь.