ГIебартойн-Балкхаройчохь нохчийн тутмакхаш хьийзош бу бохург теллина Нохчийчуьрчу тобано
Нохчийчоьнан цIарх Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама шен гIоьнча Зайналабдиев Заур коьртехь волуш тоба хьажийна хилла и гIуллакх къасто.
Колонин куьйгалхошца хиллачу цхьаьнакхетарехь нохчийн делегацин декъашхошна гучудаьлларг ду, дуккха а тутмакхаша дакъа а лоцуш, цу колонехь чубоьхкина нах летта хиллар. Цу латарехь эшам хилла ву маситта нохчи а, гIалгIа а.
Делегацин декъашхоша шаьш саготта хилар хаийтина хилларг бахьана долуш, ткъа колонин куьйгалхоша тешийна Делимхановн векалш дов къаьмнийн юкъаметтигаш бахьанехь иккхина ца хиларх.
Нохчийн делегаци цхьаьнакхетта цу колонехь хан токхучу нохчашца а, гIалгIашца а. ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу УФСИН-ан куьйгалло дош делла Нохчийчуьра делегацина шаьш дерриг дийр ду чубоьхкинчу нехан бакъонаш хьакъ ма ду ларъян аьлла.