Титиев кхин кхаа баттахь лаьцна латто сацам бина Шеларчу кхело
Титиевн керла хан ягар яр долор ду кху беттан 22-чохь дуьйна. Бакъонашларъярхо лаьцна хан яхъяр дехнарг ю прокурор Байтаева, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цо далийна бахьанаш ду Титиевн гIуллакх теллина даьлла ца хилар а, иза аравалийта мегар доцу бахьанаш хIинца а дуьсуш хилар а.