1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархо вуьйш дакъалаьцна нохчо кхеле озийна Дагестанехь
Талламан комитетан векалша бинчу хаамца, кхеле озош верг ву Нохчийчуьра схьаваьлла стаг. Цо, кхечу шен накъосташца цхьана, Новолакан кIоштахь тIелатар дина Оьрсийчоьнан салташна. Талламхойн версица цу тIелатарехь вийна цхьа эскархо, кхин а кхоъ чевнаш йина хилла.