Украинан хIордхой маьрша ца бахахь, кхерамаш туьйсу Iамерко Оьрсийчоьнна
Оьрсийчоьнера лаьтта тIеман кхерам уггар боккхачух бу 2014-чу шарера схьа лерича аьлла де хьалха Украинан инарла штабан куьйгалхочо Муженко Виктора.
"Вайна хьалха лаьттарг агрессор ву, я бакъонан а, я гIиллакхен а, я кхи долу а доза а ца лардеш. Мичча хенахь а Украинана тIелетаран кхерам бу цуьнгахьара", - дIахьедина Муженкос Reuters агенталлаца динчу къамелехь. Ишта цо билгалдоккху, тIаьххьарчу кIиранчохь Украинаца лаьттачу дозане Оьрсийчоьно тIеман техника тIеозор а.
Украинан эскарийн буйранчаша хьалхо хаамбира, герзаш а тухуш, Украинан кхо тIеман хIорда кема лаьцна Оьрсийчоьнан ницкъаша Керчан гечонехь, аьлла. Лазийра ялх украинан хIордхо. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) куьйгалло а бакъбира и хилам: доза дохорна Iаьржачу хIорда тIехь лаьцна Украинан кеманаш, аьллера цо.
ТIаьхьо оьрсийн кхело Ураинан 24 хIордхо шина баттана чохь сацош сацамбира. 6 шаре кхаччалц хан кхачайо царна, бакъо йоцуш Оьрсийчоьнан доза хадийна аьлла, бехкебарца.
Малхбузен пачхьалкхийн лидерша катоххий уьш маьршабаха аьлла, тIедожийна Москохна.