Даржехь лакхаваьккхина пластикан хирург Баиев Хьасан
ДегIаца а, коьртачу декъана, юьхь тIехь сакхташ долчу берашна операцеш йо цо Iамеркера цIа а вирзина. Хирурго ша доккху ахча дерриг а санна хьажадо балхахь сагIадеш - мискачу бахархошна, къаьсттина, берашна дарба леладо цо маьхза.
Оьрсийчоьнан гIаланашкахула чекхволу иза чолакх кхуьучу берийн межеш дIатоеш. Тахана Нохчийчохь меттигерчу а, тIебаьхкинчу а дархошна лоьралла лелош ву цхьа хан хьалха Iамеркахь "Дуьненан Лор" цIе елла пластикан хирург Баиев Хьасан.
ХIирийн юкъаралхоша Нобелан совгIат дан хьакъ ву иза аьлла, хьалхатеттира иза дахначу шарахь.